ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карор буй-те Нохчийчохь ши йиша йийнарш?


Материалан автор Магомедов Закир

АйдамировгIеран яйначу шина йишин гIуллакх юха а меттахдаьккхина Нохчийчохь. Бакъду, бакъонашларъярхойн дегайовхо яц талламчаша цунах цхьа йист йоккхур ю аьлла.

Айдамирова Зарган а, Сацита а, царна евзаш хилла Селима цIе йолу зуда а яйра 2013-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 3-чохь. Гелдаганахь машенаш юьлучу салонехь буьйсанаш а йохуш, болх беш бара уьш.

Шина йишин нанас Магиева Заманис дийцира, шена вевзаш воцчу стага телефон туьйхира шега, меттигерчу территорин доладан векал вина полисхо ву ша аьлла.

Хьан ши йоI йийна хила тарло аьлла, цо хаамбинера нене. Кхин деха шеца къамел ца дира цо боху нанас, салон карахь йолчу долахочун телефонан лоьмар елира шега боху полисхочо. Цо дийцина хиллера Заманига, йижарша болх бечу салоне ша веача, неIарш йиллина карийра шена, чоьнашкахула дIасадиттина цIийш а дара аьлла.

АйдамировгIеран гергарнаш Гелдагана бахара. Шайн шина йоIа болх бинчу гIишлон пенаш тIехь цIийн ларраш карийра царна, хетарехь, герз диттина.

Цига кхаьчначу полисхошна ши гильза а, жимчу тоьпан кхо даьндарг а, ишта Калашниковн автоматан хIоьънаш а карийнера. Тахана а къаьстина дац, хьенан хилла и герз. Бехкзуламан гIуллакх а бутт баьллачул тIаьхьа бен ца диллира.

Оцу заманчохь АйдамировгIар тIекхиира, (кхоалгIачу яйначу зудчун гергарнаш Iедале ца бевлира) оцу декъазчу дийнахь Гелдаганахь дIахьош рейдаш хиллийла. Къайлах цхьаммо йийцинера гергарчарна, ши йоI ярна бехкехила тарлучу полисхойн цIераш. Цаьрга-м хеттарш а дира, амма цара цхьабоса дIахьедира, шайна хууш хIума дац аьлла, цIанлуш.

ГIуллакх таллар юкъахдоккхуш, юха карладоккхуш дIаяхара цхьа хан. Цхьана урхаллера вукхунхьа кехаташ дIаса а хьежош, эрна хан йойура.

ТIаьххьара 2015-чу шарахь сацийра айдина хилла бехкзуламан гIуллакх листар. "Къизаллашна дуьхьало латточу комитето" дийцарехь, масийттазза гергарчара латкъамаш бора, амма хийцам боцуш дуьсура дерриг а.

Нохчийчуьрчу Талламан комитетера дахначу кIиранах кхаьчна, Магиеван интересаш Iалашъечу "Комитетан" юристашка, кху шеран Лахьан-беттан 14-чу дийнахь куьйгъяздина сацам, талламбар карладаккха аьлла.

Оьрсийчохь бинчу талламо бехкенаш жоьпе озор бу аьлла, тешам бац "Комитетан", цундела арз ду цара кечдеш Европан кхеле дIакхачо.

"Дегайовхо ю, амма цуьрриг. Оцу артиклца стаг жоьпе озо иттех шо хан оьшу. Ткъа Европан кхело, гуш ма-хиллара, сихо йо цу тIехь. Ас юьйцург Нохчийчоь а, ницкъ беш нах къайлабахар а ду. Кхелахоша цу кепара гIуллакхаш хьалха доху. Талламчашна Iаткъамбан тарло ЕСПЧН-о", - элира Къилбаседа-Кавказерчу "Къизаллашна дуьхьало латторан комитетан" офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

Оьрсийчоьнан Къилбехь болх бечу цхьана бакъонашларъяран организацин белхахочо дийцарехь, оцу гIуллакхан цхьа а перспектива яц, Страсбургерчу кхелахойн сацамца, АйдамировгIеран гергарчарна компенсаци кхачор доцург.

"ХIокху гIуллакхан цхьана кIиранчохь йист йолийла дара, нагахь санна, и доллу сурт гинчу тешашка, ткъа уьш кIезиг бац, хеттарш а дина, уьш лебина хиллехь.

Царех цхьаболчара дийцира соьга а, сан коллегашка а, цу дийнахь герзаш кхийсарх. Парламентан спикеран Даудов Мохьмадан нах бара уьш бохуш а дуьйцура. Буьйсанна хан яьллачу хенахь, шайн машенаш йилар тIедожийна хилла царна. Наха дийцарехь, уьш йила дуьхьалбевлча, йийна хиллера хиллера ши йиша а, церан белхан накъост а.

Иштта дуьйцуш дара, уьш хьийзийна хиллера бохуш а. Тешаша бахарехь, герзаш дийлинчул тIаьхьа, дукха полисхой гулбелла хиллера цу меттехь.

Сий лардеш байина бохуш, дIадерзо а ма гIиртира хIетахь и гIуллакх. Маьттаза лелаш хиллера и зударий, цундела церан гергарчара шаьш байина уьш бохуш. Церан вешина къиза йиттина хиллера, айхьа байина йижарий алий, тIелаца бохуш. Церан гергарчийн жигара хьийзаро ма гойту, иза бакъ цахилар. Иштта дуккха а хеттаршна жоьпаш ло ницкъахойн тийна Iаро а", - элира къамел динчу бакъонашларъярхочо.

Ишта кхин а цхьана хиламна тIе тидам озийра цо: "2013-чу шеран Товбеца-беттан 17-чохь машенаш юьлучу салоне веанера тобанца Нохчийчуьрчу Талламан комитетан куьйгалхо Бобров Сергей. Талламан барамаш цо дIахьочу заманчохь Даудовн гонера Вахаев Iела цIе йолу, халкъалахь Рейнджер аьлла, цIе яхна стаг кхаьчна хиллера цига. Цхьаьнца телефонехь къамел деш хилла иза. Цул хьалха а гина хиллера иза нахана цу гонах хьийзаш.

Ша зIенехула къамел дечуьнга нохчийн маттахь аьлла хиллера цо: "Баккхийчу хьаькамашна хууш ду, и вайн болх буйла". Оцу инцидентан тешашка хоьттуш хIуммаъ ма дац. Уьш кхерийна бистхила а. Ткъа Бобров республикера а араваьккхира. Меттигера хьаькамаш-м хIунда дуьйцура, дуккха а Москвара Iедалхой а набахте хьовсо тарлуш, дуккхаъчу гIуллакхашна юкъагIоьртинера иза".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG