ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙоьIан юьхь ягийначу студентна кхел йина Буденновскехь


Медицинан колледжерчу студентана, дIаьвше аьргалла тIе а ластийна, шеца доьшучу йоьIан юьхь ягорна 5 шо хан тоьхна. Ишта хаам баржийна и сацам бинчу Буденновскерчу кхелан пресс-гIоьнчалло.

Кхузза дира лурчах аьхка и тайпа зулам Буденновскехь. Вилспетахь йоьдучу йоIанна юьхь тIе химин аьргалла туьйхира. Иза дарбан цIийне йиллира. Цул тIаьхьа кхо де даьлча 15 а, 16 а шераш долчу гIалин шина яхархочунна дуьхьал а дира изза зулам. Уьш а кхачийра лоьрашна тIе.

Шо сов хан яьлча бен ца карийра зуламхо. Меттигерчу медицинан колледжан студент хиллера иза.

Шегахь «IаьIначу оьгIазаллах, агрессех» паргIатволуш диттина ша мехкаршна тIе дIовш, аьлла жимчу стага кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG