ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бан кечбина хилла тIом. 30 шеран истори


Кху метериалан автор ву "Мемориал" центран кхеташонан гIантада Черкасов Александр.


ДIахьаьж-хьаьжначохь​, массо а шеран жамIаш деш бу, терахьаш, шайн чуламца, билламе хилар диц а деш. Я 10 шеран жамIаш до, - арифметика Iилмано декада олу итт шо чекхдала кхин а цхьа шо ду вайга бахахь а. Цу лаам хиларца къийсар эрна ду, цундела и лаам кхочуш бер вай, яздо Черкасов Александара "Эхо Кавказана" ша кечйинчу материалехь.

Кхин хIун дийр ду, хуьлуш хIумма а ца хилча, амма массанхьа толам базбеш чIагIалла а, ниIмат а хилча?

ДIалуьстур вай агIо. Цхьа шо хьалха, 2019-гIа шо тIекхачале де хьалха.

Цхьа шо гергга ду Соьлж-ГIалахь "Мемориал" дIакъевлина. Кадыровхойн "ниIматан" той. "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу векалаллан куьйгалхо Титиев Оюб цхьа шо гергга хан ю цу гIаларчу талламан изоляторехь воллу. ДIайоьдуш ю харц кхелан процесс. ХIинца Оюб маьрша ву – уггар дика дуй-те аьлла долу шеран жамI.

Ткъа луларчу ГIалгIайчоьнна Евкуров Юнус-Бек куьйгалла деш волу 10 шо а ду. Оцу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь уггар чолхе хаьл лаьттачу меттиг йолчу цунах уггар чIагIалла йолу федерацин субъект хилла. Бакъдерг дийцича, дукха хан йоцуш цигахь алссам адамаша дакъалоцуш дуьхьалонан акцеш хилира, амма уьш яра маьрша, тасадаларш а, дIалецарш а доцуш.

Iедалшца болх бан бакъонашларъярхойн таро йолу наггахь бен йоцу регион. Бакъдерг дийцича, тхан офис ягийра Дечкен-баттахь – амма бохам бац. Ткъа муьлш бу ца хуучу ницкъаллин структурийн белхахой вон хӀуманаш лелош бу кӀелдӀашхула: "Мемориало" дуьхьалонан акцеш вовшахтоьхна ала цуьнан цIарх харц телеграм-каналаш кхуллуш.

ХIинца ГIалгIайчохь Евкуров воцу а ду ах шо. Ницкъаллин структурийн белхахошна елла тоьхна доза доцу бакъонаш. БIаьста юхаюьйлаеллачу дуьхьалонан акцийн декъашхой а, хьалханчаш а набахташкахь латтош бу.

Ткъа чамкхеттачу меттигерчу ФСБ-н урхалло, кхечу пачхьалкхан агентна санна иттех арз дина "Мемориална". ЖамI – маситта миллион сом гIуданаш.

10 о хьалха. 2009-чу шеран чакхе.

Дукха хан йоццуш, Мангалан-беттан 15-хь, лачкъа а йина, йийнера Эстемирова Наташа. "Мемориало" шен болх юхаболийра Соьлж-ГIалахь юкъа хан яьллачул тIаьхьа. Тхуна гIортор ю – "Къизаллашна дуьхьал комитето" кхоьллина "Бакъонашларъярхойн маьрша мобилан тоба".

Оццу хенахь дIайоьлхуш ю "Кадыров Рамзан Орлов Олегана дуьхьал" процессаш. Нохчийн куьйгалхо ша сийсаз вина хеташ ву, "Мемориал" бакъонашларйон центран куьйгалхочо цунна тIе дожорна Эстемирова еран жоьпалла.

Ткъа ГIалгIайчохь жоьжахате хIоьттина. Маситта шо ду иза Къилбаседа Кавказехь вуно чолхе хаьл лаьтта меттиг йолу – ларамаза дацара 2006-чу шарахь билггал цигахь кхелхина хилар Оьрсийчохь "номер цхьаъ йолу террорхо" ву аьлла цIе тоьхна Басаев Шемил.

Ткъа цхьа шо хьалха, 2008-чу шеран гурахь, республикан куьйгалхо хIоьттинчу ГРУ-н инарла-майора, Косовон ветерана, Приштинера аэродром дIалаьцна волчу Евкуровс маситта бутт баьккхира госпиталшкахь иза вен Iалашонца тIелатар динчул тIаьхьа.

Амма ша республикехь чIагIалла а, хиндолчу диканах тешна хилар а ду: юьхьрлаьцначу юкъараллина тIе а тевжаш "адамаллин юьхь йолу контртерроран" политико, хетарехь, жамI дохьуш ду. 10 шарахь и политика нийса хилар тIечIагIдира масийттаза. Амма мича дахана и "юкъараллина тIетовжар"?

* * *

ДIалуьстур вай агIонаш. Ткъа шо хьалха.1999-чу шеран чакхе.

ШолгIачу Нохчийчуьрчу тIеман юьхье. Жоьжахате. Соьлжа-ГIалана штурм яр. Эстемирова Наташа хIинцца болх бан йолаелла ГIалгIайчохь Нохчийчоьнан офис схьайиллинчу "Мемориалца". Кхузахь эзарнаш Нохчийчуьрчу мухIажирша шозза алсамдаьккхира цу жимачу республикан бахархойн терахь.

Амма гуманитаран катарстрофа цахилийта аьтто болу, къаьсттина ГIалгIайчоьнан президенто Аушев Руслана пачхьалкхан структурашна дуьненаюкъарчу бакъонашларйон а, гуманитаран а вовшахтохаллашца болх бан гIо дарна. 20 шо даьллачул тIаьхьа иза тамашийна хетало: ерриг а и вовшахтохараллаш, нагахь лууш йоцучарна юкъахь яцахь дIаязйина ю "кхечу пачхьалкхийн агенташ" аьлла…

* * *

Луьстур вай кхин дIа. 25 шо хьалха, ГIуран-бутт, 1994-гIа шо

Хьалхарчу Нохчийчуьрчу тIеман юьхье. Соьлж-ГIалана штурм яр. Авганистанерчу тIемах чекхваьллачу Аушев Руслана вовшахтуху ГIалгIайчохь мухIажирш тIеэцар. Биллгала кхузара боьлху Нохчийчу депутаташ а, бакъонашларъярхой а.

Цхьана хена хилларг санна ду-кх. Нохчийчоьнан президент ву Дудаев ДжовхIар. Дукха баш вевзаш воцу Басаев шен тобанца дакъалоцуш ву Соьлж-ГIалана тIебогIу бIо юхатохарехь.

30 шо хьалха.

Нохч-ГIалгIайчоь – уггар паргIата регион ю СССР-на юкъахь йолчу Оьрсийчоьнан Федерацехь, харжамийн жамIаш тидаме эцча. Авганистанерчу тIемах чекхваьлла инарла Дудаев ДжовхIар командир ву Советан пачхьалкхана юкъахь йолчу Эстонин Тарту гIалахь туп тоьхначу стратегин бомбанаш туху кеманийн дивизин. ГIашсалтийн полкан командир Аушев Руслан ву СССР-н халкъан депутат. Басаев Шемил дIаваьккхина латтанца белхаш бон говзанчийн институтера, Москвахь цхьацца белхаш беш веха иза…

НиIмат а, паргIаталла а. Я цунна гергга. Хинца санна.

ХIинца а йолийна яц, урхалла а деш, автономин республикашкара хьал карзахдаккхаран механизм. ХIа-хIа, вай хьехориг Советан пачхьалкх йохо кечйина хилла бохуш миф санна юьйцу "Далласан план" яц.

1990-чу шарахь и Iовраш яржийра Москвара схьа, Ширачу майданера, КПСС-н ЦК-ра. Схьахетарехь, Советан пачхьалкх ца йохийта, союзан республикийн, автономешца лилхина цакхетамаш къасто арбитр санна центр латто лаам хилийта.

* * *

Цхьа синтем боцуш нисло шеран, 10 шеран, 20 шеран, 25 шеран, 30 шеран жамIаш. Амма цу чакхе йоцчу дежавюна юкъардовла, вай цхьалхадаккха деза вайн хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG