ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла селхана Магасехь некъан ханна тIелеттачара лазийна хилла шолгIа полисхо а


Дарбан хIусамехь дIаваьлла шинарийн сарахь Магасерчу некъа тIехь ханна тIелеттачара лазийна волу шолгIа полисхо а. Оцу хьокъехь яхначу буса хаамбина «Интерфаксо», шен хьасташна тIе а тевжаш.

"Некъа тIехь хаден цхьа белхахо циггахь вийна, шолгIаниг дIаваьлла дарбан цIийнахь», - аьлла цо.

Кхелхинчу полисхойх цхьаъ ву 34 шо долу полицин лейтенант Кокорхоев Зеламха. ШолгIачун цIе йовзийтанза ю цкъачунна. Уьрсо яйн чов йина, амма лоьралла ца эшна кхоалгIачунна.

ТIелеттачаьргахь маса-тоьпаш хилла аьлла бара юьхьанца баржийна хаам, иза бакъ ца бо Магасехь – уьрсашца тIелетта хилла некъан инспекцина ши стаг.

"Цара машен тIетоьхна некъаца лаьттачу цхьана полисхочунна, урс диттина. Цул тIаьхьа летта хьалхарчун накъостех. Шен коллегашна уьрсаш детташ бохку нах байча, уллехула тIехволучу ницкъхочо, шен машен а сацийна, тапча йиттина зуламхошна, цунна а тоьхна урс, амма жимма бен ца лазийна иза», - аьлла "Интерфаксан" хьосто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG