ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу туристаш бахкийта кечбечу барамашлахь ю «тIеман туризм» а


ТIедогIучу шарна «туризман шо» цIе тиллина Нохчийчуьрчу Iедало. Иза дагахь ду махка 400 эзар турист ваийта. Цунна кечбинчу барамашлахь ю милитари-тураш а тIехь – уьш кечйина Гуьмсерачу Оьрсийчоьнан лерринчу ницкхийн университето. Бакъду, цкъачунна хууш дац, хIун башхалла хир ю оцу барамийн.

Нохчийчоьнан туризман министра Байтазиев Муслима ТАСС агенталле бинчу хаамца, кхечунхьа яьржинчу туризман кепех тера йоцуш хир ю милитари-тураш.

Байтазиевс дийцарехь, туристашна оьшу хьелаш дерраш а долуш ду махкахь, масала, «Ведучи» курортерчу басешкахь биллина гIо-салазаш хехка пластикан некъ, кечйина туристашна керла маршруташ. Цо бахарехь, туристийн аьтто хир бу, лаахь, беракема лаьцна, нохчийн лаьмнаш талла а – оцу комфортах доккху 100 эзар сом 6 стагна тIера.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG