ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуккха а тIеман Iамораш хир ду кхушара Къилбаседа Кавказехь


MИ-28Н, архивера сурт
MИ-28Н, архивера сурт

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь 2020-чу шарахь 40 сов Iамораш дIадахьа дагахь ду Оьрсийчоьнан эскарш. Оцу барамашкахь дакъалоцур ду лаьттахула а, стигалхула а лелачу технико, боху Къилберчу тIеман дакъойн урхаллин пресс-гIоьнчалло.

Доккхачу декъанна, тидам тIеберзор бу лаьмнашкахь хенан хIоттам лачбаьлча кеманашца бечу тIамна, аьлла инарлаша.

"Эскаршна тIамехь урхалла дар шардеш дIахьор ду «Кавказ-2020» Iамораш», - яздотIеман барамийн прогноз йовзуьйтучу "Интерфаксо". ​

Стохкачул 15% дукха хир ду аьхка хиндолчу Iаморашка арадаьхна беракеманаш.

"Iаморашкахь дакъалоцур ду тохарш дечу Ми-35, Ми-28Н, Ка-52 а, салтий дIасалелош а, тIелеташ а долчу Ми-8 "Терминатор" а беракеманаша», - аьлла Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG