Дагестанехула кеманашца дайначу шарахь дIасавахана 1,5 миллион пассажир, ткъа иза рекорд ю, боху, «ХIинжа-ГIала» аэропортан инарла директоран Пирмагомедов Арснан дешнашна тIе а тевжаш, ТАСС агенталло.
Лурчахчул 15% лакхадаьлла Дагестанан аэропорто дIасадигинчу адаман терахь.
"Уггаре дукха билеташ эцна Москва, Петербург, Сургут, Казань гIаланашка», - боху Пирмагомедовс.
Карарчу шарахь шайн портехула дIасалелачу пассажирийн терахьаш кхин а лакхадаха дагахь ву иза.