Шинарийн сарахь Магасехь некъан полицина тIелеттачу шиннах дийна висина цхьаъ, 23 шо долу Имагожев Ахьмад кхетам чу а веанна, вистхила волавелла, аьлла мехкан дарбан хIусамерчу лоьраша, хаамбо "Интерфаксо".
Полици ю иза ччувиллина чоь ларъеш. Талламчаш буьйлалур бу цуьнца болх бан.
Некъан ханна уьрсаш диттина шолгIаниг – 18 шо долу Мизиев Микаил – вийра ша тIеллеттачу меттехь. Ткъа Имагожев кхачийра дарбан цIийне, реанимаце.
ТIелеттачийн карах Магасна чубоьдучу некъа тIехь кхелхира инспектор Кокорхоев Зеламха, чевнаш хилира цуьнан кхаа накъостана. Букъан дIаьхк а корта а лазийна, халчу хьолехь ву царех Шанхоев Мохьмад (наркотикашца къовсам латточу урхаллин белхахо ву иза).
Йина массех чов йолуш кхачийра лоьрашна тIе кхин а цхьа инспектор – Даурбеков Зураб. Ткъа кхоалгIачунна ца ишира лоьрийн гIо.
Кокурхоев воцург, дарбан цIийнехь кхин а цхьа полисхо дIаваьлла, даржийра хьалхо прессехь. Амма Iедалхоша билгалдаккхаза ду иза мел бакъ ду.