ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бегаш цхьаьнгге а бойтур бац». Дов дина кегийрхошна «БIаьчи-Юрт – сила» аларна


Керлачу шеран буса, «Ахмат – сила» олучу меттана, «БIаьчи-Юрт – сила» бохуш, шайн юьрта юккъехь мохь биттина ткъеха сов жимха лаьцна Нохчийчохь полицино. Царна хьехна, «сила» (нохчийн матте даьккхича – «ницкъ») аьлла, язъян мегаш цхьа «сийлахь-воккхачу, хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун» Кадыров Ахьмадан цIе бен йоцийла.

Курчалой-Эвлан кIоштахь, шайн урамехь, самукъадаьлла, «БIаьчи-Юрт – сила» мохь бетта кегий нах гIарабехира яьржинчу видеоно. Амма де юкъа ца дулуш, тIаьххье Ватсапехула дIасаелира оццу хиламца йоьзна кхин а цхьа видео – полисхоша берашка бехк боккхуш.

«ХIара Ахьмад-Хьаьжин район ю. Кху новкъа тIехь (кхетон деза – «Ахьмад-Хьаьжин» - ред.) оха цхьангге а бойтур бац бегаш», - боху кегийрхошка полисхоша.

Инциденто оьгIазбахийтина дуккха а нохчий. Масала, хьаькамаш совбуьйлу шайна еллачу бакъонел, кегийрхошкара дешан маршо дIаяьккхина цара, яздо Facebook машанехь дозанал арахьа вехачу лоьро Ибрагимов Рамзана.

«Кегийрхой ловзуш бу, шайна шайн юрт езарна мохь а бетташ, цара ца хьавина стагга а, ца аьлла вон дош, гобаьккхина фейерверкаш ю, хьекхийтийша цаьрга мохь шайна ма-тов. ХIан-хIа, мегаш дац. Ахматовски кIоштахь иштаниг муха мега! Со ца кхета оцу кепехь, Iу хилла, Iедало нах хьийзорах. Мегаш ма дац иштаниг», - боху Ибрагимовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG