ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIура-Дада «мачаваьккхина» Ардонехь


Шен гIалара бахархой Керлачу Шарца декъалбеш, совгIаташ доькъуш лелачу ГIура-Дадина тIелетта ХIирийчуьрчу Ардонехь, хаамбина меттигерчу полицино.

Ша марзолгех буьзинчу тоьрмигах паргIат а воккхуш, кисинара телефон а хьош, дIабахначу зуламхошна Iедале арздина оцу 20 шо долчу вахархочо.

ГIура-Дадина йина вас а, хилла зен а меттахIоттош, Иристон кIоштан полицино сихха схьалехна цуьнан тоьрмиг а, иза баьхьинарш а. Дов айдина Керлачу Шеран буса харцхьа леллачарна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG