ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцлер (Берашна лерина дийцар)


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:32 0:00
Линкана тIе

Со кхиъна вогIу хан яра иза. Цхьана дийнахь тхов туьллуш белхе кхайкхинера со тхан лулахочо. Цу кепара кегийрхой цхьаьнакхетча, даима а хуьлуш ма хиллара, кар-кара а оьцуш, цхьацца хилларш-лелларш а дуьйцуш самукъадаьлла гIуллакх деш дохкура тхо.

Кхочу-кхоччуш цхьаъ дийцаран рагI суна тIекхечира. Цхьа а хIума дийца дIоггара лаам боцу со жима волуш сайна гина Iамеркехь яьккхина кино йийца волавелира. Дукха дах а ца деш аьлча, цуьнан чулацам иштта бара. Генарчу планетина тIе астронавташ бохуьйту олий сурт а хIоттадой, космосан кема деш лачкъийна ахча хьулдан, чура нах ара а бохий, дIахьажадо иза.

Астронавташка леррина кечйинчу студехь моттаргIанаш лелайойту уьш баккъалла а цу планетина тIехь болуш санна. Ма дарра аьлча, уьш йийсаре лецна хуьлу. Космосан мисси дIайирзича, Лаьтта тIе юхабоьрзуш, кема даьгна аьлла, тIепаза бойур болуш хуьлу уьш. Цунах кхеттачу астронавташа сацам бо бовда…

Амма иза йийцина валале со юкъахваьккхира цхьаъ дохьуш еанчу тхан несо.

Со санна белхе веана тхуна юкъахь вара 14-15 шо хир долу кхиазхо. Цуьнан цIе яра Iумар.Тхан эвларчу молла волчехь бусулба дин Iамош хуьжаре лелаш хиларна, цунах Iумар-Хьаьжа олура массара а.

- Iумар-Хьаьжа, ахь дийцал тхуна цхьаъ, хьехам белла тхуна, - аьлла тхоьга бIаьрг а таIош, дехар дира цуьнга, Iоттар еш а бен вистхуьлуш Iедал доцчу, тхан накъосто Мохьт-Эмис.

- Хьехамаш бан дукха жима-м вара со, делахь а, ахь дехар дарна, ши-кхо дош эр ду ас, - аьлла шен къамел долийра кхиазхочо: "Харцлер уггар вочу къинойх цхьа къа хилар шеко йоцуш ду. Иза иштта хилар гойтуш дуккха а тоьшаллаш ду КъорIан тIехь а, Суннатехь а…

Дукха хье а ца луш, со юхавеъча а Iумар-Хьаьжа харцдерг дийцар къилахь хиларх лаьцна кхин дIа а къамел деш карийра суна.

ХIара дара суна хезнарг: "Цхьа стаг хилла шен кIантаца некъа воьдуш. КIант тӀевирззина цхьаъ дуьйцуш хелла дега. Цу дийцарехь бакъдоцург даьлла кIантера, дена хаа хууш. Цунна эхь хетийта дас аьлла: "Кестта тIех вала везар ву вайшиъ. И тIай шеца цхьа Iаламат долуш ду. Цуьнга къастало харцдерг а, бакъдерг а. Харцдерг дуьйцучун кIеллахь чудужу иза".

Иза хезча кхеравеллачу кIанта, ша харцдерг дийцина хилар хаийтина дега. Амма и шиъ тIех волуш цIеххьана, когаш кIеллахь у а кагделла, чувоьжна да.

Эххар хих ваьлча, да къера хилла кIантана хьалха.

-Цхьа а Iаламат долуш дацара хьуна и тIай, ас хоьга харцдерг дийцира, - аьлла мукъарло дина цо.

- Харцдерг дийцаран дагахь доццу тIаьхье хила мега, нагахь иза дикачу ойланца дийцинехь а, - дерзийра шен къамел Iумар-Хьаьжас.

Суна дагадера со жима волуш тхайн девашас сайна далийна цхьа хьехаме дийцар.

- ХIора стагехь къовсам бу дIабоьдуш. И къовсам ши борз латар санна хIума ду. Цхьа боз ю шен чулацамехь вон мел дерг долуш: хьагI, гамо, сутаралла, харцдерг, иштта дIа кхин а, ткъа шолгIа борз ю шеца дерриг а диканиг долуш: безам, гIайгIа бар, тешам, бакъдерг… Цу шиннах тоьлур ю ахь юзош йолу борз, - бохуш дийцара цо.

ХIоьттина тийналла юкъахъяьккхира Мохьт-Эмис, хIун хилира хьан оцу кинох, дийна бисирий "ахь космосе хьажийнарш" аьлла, соьга схьа а хьожуш, къежира иза.

Амма цIеххьана со кхийтира цу кинон чакхе сайна йицйелла хиларх. Ткъа хьехориг, чакхе мухха а хилча а, шайггара кхоьллина дIоггара мехала йоцу кино бен яцахь а, харцдерг муха дуьйцур дара ас хIинца?!

XS
SM
MD
LG