ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курхаллаш лелийна аьлла, нохчийн доьзалш лецна Австрехь


Австрин Грац гIалахь беха ши нохчийн доьзал шеконашка эцна полицино, 2011-чу шарера карарчу хене кхаччалц схьа бакъо йоцуш социалан хьукматашкара 280 эзар евро эцарна. "Austria Today" оьрсийн маттахь арадолучу хьостано бина цунах лаьцна хаам, немцойн зорбанашна тIе а тевжаш.

Полисхойн информацица, Оьрсийчу кхерсташ хилла уьш, Австрин Iедалхойх лечкъина. Шаьш дехаш долу меттиг хийцарх а, сов тIедогIучу рицкъанах а ца хоуьйтуш, хьулам бина хилла цу доьзало Iедалхойх, зорбанашкахь дийцарехь.

41-цца шераш долчу цхьана хIусамдас а, хIусамнанас Iедалхошкара хьарам эцна 160 эзар евро. Грац-Якомини олучу набахтехь латтош ду и шиъ.

Ткъа 49, 41 шераш долу важа шиъ бехкедо социалан бюджетна 120 эзар еврона зен дарна. Грацан социалан хьукматна а, АМС-на доккха зенаш дина церан курхалло аьлла бу бина хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG