ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарошлахь уггаре беза ларалучу инарлех вара Iамерко вийна Сулеймани Касем


«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Кассем вийна пIераскана, БагIдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь.

Хилам уггаре хьалха бовзийтинарг ю Иракъан пачхьалкхан телегойтийла. Пентагоно а ца лечкъадо тIеман бараман да ша хилар - президентан Трампан омрица дIабаьхьина иза, аьлла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн векало.

Сулейманица цхьаьна вийна ТехIерано гергарло лелочу Малхбалерчу шиIатойн Халкъан Ницкъийн эскаран (Ал-Хьашд аш-ШаIаби) куьйгалхочун гIовс Абу Маьхьди ал-МухIандис а, кхин а цхьа буьйранча а. Associated Press агенталло дийцарехь, Шемара, я Либанера шен кема охьадоьссинчул тIаьхьа дина Сулейманина тIе ракетийн тохар.

ТехIеранна веза инарла вара Сулеймани, цуьнца юзура гIажароша Малхбалехь шайн пачхьалкхо дIахьош йолу тIеман компанеш, герга вара иза Iедалан дайшна.

Вашингтоно операци дIахьош буха диллинарг ду деношкахь Иракъерчу Iамеркан тIеман базина ГIажарийчоьно тIекарло латточу шиIатойн эскаро ракеташ тохар а, цигахь Iамеркан цхьа контрактхо вер а.

Дуьххьара яц Iамеркахоша Сулеймани а вуьйш дIаяьхьина операци. Шайн эскархо вер доькхуш, цара деношкахь динчу тохарх велла шиIатойн герзахошлара 25 тIемало. ДIадахначу кхаарийдийнахь БагIдадерчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалтна тIелетира шиIатой, цигарчу гIишлошна зен а деш. ТIемалоша гоне лаьцна латтийра векалт, амма дIасабахара уьш, шайна дуьхьал Вашингтоно 750 эскархо хьажийнийла хиича.

Президента Трампа бехкейира ГIажарийчоь Иракъерчу шайн объекташна тIелатарна. Еарийдийнахь, Иракъехь тохарш дале, Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министра Эспер Марка, «ловзаршна тIера даьлла хьал», элира, дош делира Штаташна дуьхьал дина зулам бекхам боцуш ца дита.

Сулеймани веро кхин а гена доккхур ду иккхина дов, аьлла хета тергамчашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG