Туркойчоьнан Сийлахь-Йоккхачу къоман кхеташоно еарийдийнахь къобалдина Либе эскарш дохуьйту низам. Депутаташа кхаьжнаш тосуш тергамбира "ХIуьрриет" газето. Оьрсийчоьно оцу махкахь агIолаьцначу инарлин ХIафтар Халифин тIемалошна дуьхьалхIуьттур ду туркойн эскарш.
"Созджу" газето бахарехь, Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино къобалъечу Либин Къоман Бертан Iедалан ницкъашкара эскархой Iамор бу туркойн говзанчаша. Прессо дийцарехь, Либе кеманашна дуьхьалоен тIеман гIирс хьажо а дагахь ю Туркойчоь.
Либин Къоман Бертан Iедалехьа волчу туркойн президента ЭрдохIана чIагIдарехь, «Вагнерера», Оьрсийчуьрчу доларчу тIеман компанера, ши эзар сов тIемало ву Либехь. ГIаттамна коьрте хIоьттинчу ХIафтарехьа мехах тIом бан Оьрсийчуьра герзахой дIаоьхуш а болуш, ша юьстахвалла соцур вац, элира Туркойчоьнан лидеро хьалхо.
- Дакъошка екъаеллачу Либехь дуьхь-дуьхьал лаьтта дуьнено къобалдина Къоман Бертан Iедал а (куьйгалхо Сарадж Фаиз), ханна вовшахкхетта Iедал а (лидер Ат-Тани Iабдуррахьман), пачхьалкхерчу тIеман ницкъийн коьртехь Iийначу инарлин ХIафтар Халифин эскарш а.
- 2019-чу шарахь ХIафтара коьрта шахьар Триполи яккха ницкъаш хьовсийра. Цуьнгахьа ю Оьрсийчоь, Франци, Мисара, Iаьрбийн Эмираташ. Туркойн парламенто бинчу сацамна ша резайоцийла массарел хьалха хаийтинарг ю Мисара, боху Reuters агенталло.