ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Угаре деза ду Соьлж-ГIалахь хIоттийна Керлачу Шеран база – 26 миллион сом


Къилбаседа Кавказехь Керлачу Шарна хIиттийначу базанех уггаре дезаниг ду Соьлж-ГIалин юккъе хIоттийнарг – цунах даьлла 26 миллион сом. Пачхьалкхан урхаллаша ахча дайар гойтучу сайт тIе а тевжаш, и хаам баржийна «Акценташ» цIе йолчу аналитикан центран портало.

Массарел а дукха ахча базанех делла Нохчийчоьно, ГIалгIайчоьно, ГIебарта-Балкхаройчоьно, Ставропол-махко.

Миллион соьмал сов базанах мах белларш ю 9 гIала, шайлахь Несара а, Магас а йолуш.

Краснодарерчу Сочехь а, коьртачу шахьарахь Краснодарехь а эцначу базанех делла 3,5-4 миллион.

Нальчикехь хIоттийначу диттан мах бу 616 эзар сом.

Тамашениг ду Керлачу Шарна, нохчийн лаьмнашкахь лаьттачу, сов ехаш ю ала а доцчу Шуьйтахь, халкъан ахчанаш ах миллион ца кхоччуш сом дайар.

Делахь а , массарел а совъялла Соьлж-ГIала – цигарчу базанах даьлла 26 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG