ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозный" телекомпанина маьхза кхача латтабо Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана маьхза кхача а луш, къахьегна шаьш дерриг а 2019-гIачу шарахь, боху Instagram-каналехула цуьнан пропагандин коьрта мукъ хилла болх бечу «Грозный» телекомпанин белхахоша.

«Юург хIора дийнахь керла-керланиг йора тхуна. Фондо ( Кадыров Ахмадан фонд - ред.) лучу ахчанах оьцура вуно дика сурсаташ», - хестало журналисташ шаьш делкъе еш яьккхинчу видео чохь.

Кадыров Рамзанах а, цуьнан гонах а ира дош аьлларг, конституцино кхайкхийначу паргIатонех хьаьгна, вистхилларг, дан амал доцчу дахарна резавоцург репортажашкахь гезвоккху телеканал ду «Грозный» махкарчу бахархойн бIаьргаш чохь. Цуьнан эфирехь хьаькамаша юьхьIаьржа хIиттабо, аьллачух «дохкобуьйлуьйту», гергарчу наханна лоьйту шаьш къарбан тIекхуьйлу махкахой. Телевизионан керланаш а, программаш а доккхачу декъанна хуьлу Кадыров а, цуьнан доьзал а базбеш, ца хеддаш уьш хестош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG