ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хи чу а доьжна, ши бер делла Нажи-Юьртан кIоштарчу Гуьржий-Махкахь


Бухахь хи лелачу ор чу а доьжна (кхечу хаамца, тIе ша лаьцначу хи чу а дахана) делла школехь доьшу ши бер пIераскана Нажи-Юьртан кIоштарчу Гуьржий-Махкахь, хаамбо Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло.

Уллерчу Бенара а, Нажи-Юьртара а орца тIекхиича, делла хьаладаьхна ларамза ор чу эгна бераш. Журналисташца къамел динчу полисхоша бахарехь, уьш даларх тоьшалла дина лоьраша а.

10, 12 шераш долу ши йоI ю елларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG