ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадехь ракеташ йиттина Iедалан а, дипломатийн а гIишлош лаьттачу куьпа


«Баьццара зона» олучу дипломатийн а, пачхьалкхан гIишлош а лаьттачу куьпа ракеташ йиттина БагIдадехь. Кхерамзалла чIагIъян полицин а, эскаран а дакъош хьовсийна цига. Цхьа ракета йоьжна Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалтна герга. Амма лазийна вац стагга а, полицино бечу хаамца.

Минаш йиттина шахьарарчу Джадрия кIоштахь а, чевнаш йина лаххара а 5 стагна.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто бинчу хаамца, цуьнан куьйгалхочо Помпео Майка Иракъера хьал дийцаредина Туркойчоьнан дипломатин куьйгалхочуьнца Чавушоглу Мевлютца. Помпео тешна ву ГIажарийчоьнан режимна дуьхьаллатта оьшуш хиларх – ТехIеран талхо гIерта йоллучу а Малхбалера хьал, аьлла хета цунна, боху «Iамеркан Аз» радионо.

Помпеос билгалдаьккхина, президентан Трампан администраци кийча ю шайн пачхьалкхан а, цуьнан уьйрийн а хьашташ Iалашдан, аьлла.

CNN-но БагIдадера бечу хаамца, иракъхойн демонтрацешкахь бу кху деношкахь – гIажаройн инарла Сулеймани Къасем ракеташ тоьхна Iамерко верна реза боцурш а, ГIажаройчоьнан политиках кхаьрдарш а бевлла гуламашка.

Кху кIиран юккъехь, президента Трампа къобал а деш, дронашца ракеташ йиттина вийра БагIдадерчу аэропортехь ТехIерано веза лору инарла. Хьалхо Iамеркан базина ракеташ тоьхна, цигара эскархо верна бина бехкам бара иза – Сулеймани ву базина тIелатар дайтинарг, чIагIдо Вашингтоно. Иштта, бехкево Трампан гоно Сулеймани Iамеркан эскаршна дуьхьал дахначу шарашкахь тIелетарш кечдарна а, цуьнан гIоьнца масийтта бIе салти кхалхарна а.

Амма цхьана дагахь бац Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхой берраш а. Векалийн Палатин спикера Пелоси Нэнсина хетарехь, Iамеркахой кхерама кIел буьгу провокаци ю Сулеймани вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG