ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шира бIаьвнаш йохийна ши стаг лаьцна ГIалгIайчохь


ЖIайрах
ЖIайрах

Лаьмнашкахь тесна лаьттачу Бейни юьртара бIаьвнийн нартолаш (неIаршна тIехулара горга оганаш) схьа а йохуш, заманийн мехаллаш хIаллакъярна ши стаг лаьцна ГIалгIайчоьнан полицино. И нартолаш Нохчийчу дIаяхьа дагахь хилла лецнарш, аьлла гIалгIайн тайпанийн кхеташонан куьйгалхочун гIовса Даскиев Мурада, яздо "Интерфаксо".

"ГIалгIайчоьнан ЖIайрахан-Iаьссин историн-архитектуран а, Iаламан а музейра петроглифаш а, гIалгIайн къоман васташ а тIехь долу нартолаш дIа а хьош, Нохчийчоьнна юхкуш лелла уьш. Цкъачунна суна ца лаьа церан цIерш яха, шиъ ву льацнарг», - боху Даскиевс.

Цо дийцарехь, гIалгIайн тайпанийн бахам бу хIаллакбинарг.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздира Бейни юьртара бIаьвнаш хIаллакъеш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG