ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кенехь Iамеркан тIеман базина тIелетта меттигера бусалба радикалаш


Бусалба радикалийн "Аш-Шабаб" тоба тIелетта кIиран Iуьйранна Кенерчу Iамеркан тIеман базина, хаам баржийна Associated Press агенталло.

Кенин эскархоша дийцарехь, тIелеттачех вийна 4 стаг. Кенин а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а эскархошна хилла дараш ца довзуьйту хьосташа. AP агенталло бахарехь, карарчу ханна сацаза ду кхийссарш.

Кенехь а, Сомалехь а терроран тохарш дарца евзина тоба ю "Аш-Шабаб". Амма хIинццалц яцара иза Iамеркан эскаршна тIелетта, яздо агенталлаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG