ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман доьшийлера 30 сов курсант вийна Либехь


Триполи гIалахь тIеман доьшийлина динчу авиатохаро дIадаьхьина лаххара а 30 курсантан дахар, лазийна 33, чIагIдо Либин могашаллин министралло. Тохар дина шоьтадийнахь, дешархой дIагулбеллачу меттигна.

Къоман Бертан Iедало хиллачу бохамна бехкево махкахь гIаттам айбина хьийза инарла, «Либин къоман эскаран» буьйранча ХIафтар Халифа. Амма цуьнан гоно бакъ ца дина тохар ша дина хилар.

  • Дакъошка екъаеллачу Либехь дуьхь-дуьхьал лаьтта дуьнено къобалдина Къоман Бертан Iедал а (куьйгалхо Сарадж Фаиз), ханна вовшахкхетта Iедал а (лидер Ат-Тани Iабдуррахьман), пачхьалкхерчу тIеман ницкъийн коьртехь Iийначу инарлин ХIафтар Халифин эскарш а.
  • 20I9-чу шарахь ХIафтара коьрта шахьар Триполи яккха ницкъаш хьовсийра. Цуьнгахьа ю Оьрсийчоь, Франци, Мисара, Iаьрбийн Эмираташ. Туркойн парламенто бинчу сацамна ша резайоцийла массарел хьалха хаийтинарг ю Мисара, боху Reuters агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG