ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан "мостагIашна" синтем ца карабо боху Кадыровс


Нуьцкъаша Керлачу шеран барамашка баьхнера махкара бахархой аьлла, хаамийн гIирсашкахь баржийна хаам харц бу аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Социалан машанашкарчу шен аккаунтан агIонехь Керлачу шеран буса шахьаран майдана даьлла адам гойтуш видео Iораяьккхина цо, "хIокху суьрто тоьшалла до дийца а ца оьшуш" аьлла.

Нохчийчоьнан "мостагIий" болчу наха "ца лалуш, кхи дан хIума а доцуш, гойту оьгIазло" ю, адамийн маршонаш ларъеш яц, оцу республикехь демократи а яц бохуш, Iедалхошна бехкаш а дохкуш, яздо Кадыровс.

Церан дегнаш "цомгуш ду", "дукха хан ю царна синтем ца карон" аьлла хета Кадыровна.

Хьалхо мехкан куьйгалхочо дIахьедира, Соьлжа-гIалахь Керлачу шарна хIоттийначу базана гонах 120 эзар сов бахархой гулбеллера аьлла. Ткъа тIаьхьо зорбанашкахь дийца долийра, бертаза арабаьхнера бахархой бохуш.

XS
SM
MD
LG