2019-чу шеран зерашца, кхаа миллионе кхиъна Британехь бехачу бусулбачийн терахь. IslamNews агенталло бина цунах лаьцна хаам. Пачхьалкхан къаьмнийн статистикан бюрон информацина тIе а тевжаш, хьостано дийцарехь, Лондонан цхьайолчу кIошташкахь 50 процент сов бу бусулбанаш.
Официалан жамIашца, Англехь а, Шотландехь а, Уэльсехь а 3 363 210 стаг ву бусулба. Ткъа 2018-чу шеран зерашца, Лондонехь вехаш вара 1, 26 миллион (14, 2) бусулбанаш.