ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу Сулейманица Iодикаян гулбеллера гIажарой


Багдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь вийначу «Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранчаца, инарлаца Сулеймани Касемца Iодикаян Тегеранехь бIеннашкахь эзарнашкахь нах арабевллера. Пачхьалкхан массо а телеканалаша гойтуш яра цигара церемони. Веллачу инарлан докъа тIехь доIа дира ГIажарийчоьнан лакхарчу лидеро Хаменеи Iелас. ДоIа дерзийначул тIаьхьа гулбеллачара маьхьарий деттара "Iожалла Iамеркана" бохуш. Шен да вийна де Iамеркана а, цуьнан агIончана Израилна а "Iаьржа де" хир ду аьлла, дIахьедина Сулейманин йоIа.

Хьалхо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда кхерамаш тийсира ГIажарийчоьнна, ракетан тохарш дийр ду културан ширчу гIишлошна а цхьана, нагахь санна вийначу Сулейманех бекхам бан гIортахь аьлла.

"Цара тхан нах бойу, царна тIаьхь къизаллаш лелайо, зенаш до. Цара минаш тIехь тхан нах лоьлхуьйту, ткъа оха церан гIишлош хьаян ца еза? И нийсо яц", - аьлла, дIахьедина Трампа.

«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп луш хилла «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Касем вийра кху беттан 3-чу дийнахь Багдадерчу аэропортехь дронийн тохарца.

Пентагоно а ца лечкъадо тIеман бараман да ша хилар - президентан Трампан омрица дIабаьхьина иза, аьлла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн векало.

Инарла Сулеймани Касем вер Iамерканна дIадекха дош делла Тегерано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG