ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рашидов Шаид. Сайн деган кIоргенехь хьулйина хьо


Рашидов Шаид

Сайн деган кIоргенехь хьулйина хьо

Хьахийча нахала валарна кхоьруш,
Сайн деган кIоргенехь хьулйина хьо.
Дийнахь а, буса а доIанца йоьхуш,
Даима сатуьйсуш лийлира со.

Амма хьо ехара кураллехь сетташ,
Дуьненна хазалла кхийдаеш хьайн.
Хьо езаш вогучу суна пе бетташ,
Ву моьттуш муьлхха а веккъа хьайн лай.

Хьуна ца евза дахаран кIорге,
Цхьатерра ца хуьлу мел йогIу хан.
Денна а бос хуьйцуш догIуш го Орга,
Къурдаш деш хьаьжний хьо, хуьйцу цо чам?

Хьахийча нахала валарна кхоьруш,
Сайн деган кIоргенехь хьулйира ас.
ДоIанца даима Деле хьо йоьхуш,
ВогIу со-м йицйина ахь йина вас…
***

XS
SM
MD
LG