ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рашидов Шаид. Ца тешаш чIагIонех хьо ела къежа…


Рашидов Шаид

Ца тешаш чIагIонех хьо ела къежа…

Ца тешаш чIагIонех хьо ела къежа,
Беснеш а лечкъайо. Хета къиза.
Ткъа аьлча: "Вовшеха вай къаста деза!"
БIаьргаш хьан хих дузу. ХIун ду иза?

ХIилланаш ца оьшу шинна а юккъехь,
Там лехар эрна ду безам бацахь.
Мила ву шалхонаш лелош верг юххехь?
Юкъ йохош болчеран бан а бац мах.

Вовшашна девза вай, лулахь а деха.
Дай-наной шиннен а оьзда хилла.
Хьенан хIун дара хьоьх я ала соьх?
Делахь а дегнаш чу йижна чилла.

***

XS
SM
MD
LG