ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рашидов Шаид. Мацца а езачо дахь суна хIилла…


Рашидов Шаид

Мацца а езачо дахь суна хIилла…

Мацца а езачо дахь суна хIилла,
Цуьнгахьа ца хьажа ас чIагIо йо.
ХIумма дац эккхарх а езаш дог кийрахь,
Шалхалла йолчуьнца ваьхна хIун до?

Ткъа нагахь езачо суна букъ тохахь,
И санна гIалатло йожарна сох,
Иза а ца оьшу сихаллехь йоха,
Кхуссур ду ченала ямарта дог.

***

Рашидов Шаид

Рашидов Шаид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгел-эвлахь. Дуьххьара нохчийн маттахь ша язйина байт гайтина цо Мамакаев Мохьмадана. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане елина 1958-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG