ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Топ йохка гIерта зуда лаьцна Дагестанехь


Эзар соьмах таллархойн топ юхкуш 36 шо долу Дагестанерчу Кизлярера зуда лаьцна полисхоша. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хаамбарца, зудчуьнгара схьаяьккхинчу тоьпа тIера лоьмарш дIаяйина хилла, карарчу хенахь экспертизе дахьийтина герз.

Талламчийн къасто деза оцу тоьпаца цхьанхьа а дина зуламаш дуй. Лаьцначу зудчунна дуьхаьл бехкзуламан гIуллакх айдина 222-чу артиклехь ("герз эцар, латтор, дIасакхехьар"). Шина шаре гергга набахьехь яккха хан кхачайо оцу артилехь жоьпе озийначунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG