ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь. Муха меттахӀоттор бу бакъ чIара (Salmo ezenami)


Бакъ чIара (Salmo ezenami, форель)
Бакъ чIара (Salmo ezenami, форель)

Материал язйинарг ву Тохсыров Вадим


Къелхьарбаьккхина ца Iаш, гучура дIаболуш болу Къоьзан-Iам чохь бен бехаш боцу бакъ чIара (Salmo ezenami, форель) меттахӀоттон Iалашо ю Нохчийчохь.

Къилбаседа Кавказера хиш дукха хенахь дуьйна девзаш хилла чохь лелаш вуно чоме бакъ чӀара хиларца. Лаца иза даима а хилла хала. Ткъа тIаьхьарчу шерашкахь Терк чохь а, цунна тIекхетачу хиш чохь а чIерий кIезиг хиларна, бакъ чӀара лаца кхин а хала ду.

Бахьана маситта ду. Цкъа делахь, Терк бех деш ду. ШолгIа делахь, лаьмнашкахь долчу хишца, чIерашна лела меттигаш а ца юьтуш, еш ю гидроэлектростанцеш а, плотинаш а.

Иштта, хьалха Таркхойн хIордера цIе чIара Iов таса бодара Теркан а, цунах дIакхетачу а хин а кортешка. Амма хIинца иза дан царна дуьхьалонаш кхоьллина. Царах цхьаъ ю Моздокан кIоштарчу Павлодольски юьртара плотина.

Нохчийчуьрчу Веданан кIоштан лаьмнашкахь хьал жимма кхечу тайпана ду. Къозан-Iам бевзаш бу цу чохь бен бехаш боцу ша-тайпа бакъ чӀара хиларца. 1963-чу шарахь Къоьзан Iомара бакъ чӀара хийцира луларчу Дагестанера Мохоч Iоман чу.

И чӀара чоме хилла ца Iаш къаьсташ бу шен барамашца а. Боккха хилла бакъ чӀара хуьлу 40-110 сантиметр беха. Таллам беш лаьцна уггар боккха бакъчIара хилла 113 сантмерт беха а, 17 кийла беза а.

Къоьзан-Iам. Нохчийчоь
Къоьзан-Iам. Нохчийчоь

Амма бакъ чӀарана шозза тохар дира тIаьхьарчу 50 арахь. Хьалхара тохар дира 1970-чу шарахь Къоьзан Iоман чу голавль олу чIара хецаро. Цу чуьра бакъ чӀара -Salmo ezenami - ша гӀира чIара хиллехь а, къийсамехь цуннаI дуьхьал латта аьтто белира керлачу чIеран. Цул сов, голавль хIоьттира бакъ чӀаран кIорнеш яъа.

ШолгIа тохар дира бакъ чIарана Нохчийчохь хиллачу шина тIамо. Къоьзан Iоман чу еттара бомбанаш а, яккхин тоьпаш а, цу чуьра чIерий а дойуш.

Цул тIаьхьа толам баьккхира голавль чIеро. Къоьзан Iомахь таллам бинчу драйверша дийцарехь, миллионаш уьш лелаш ду вуно яккхийчу жIуганашкахь. Амма царца цхьаьна 50 метар кIоргаллехь дайывершна гира инзаре даккхийн цхьа метр ах метар хир долу бакъ чIерий а.

Дуккха а шерашкахь бакъ чIара Коьзан Iомара бовш хиларан проблема кхочуш ян гIиртира нохчийн заповедникан белхахой.

Цунна тIе шен тидам бахийтина "Къоьзан Iам" туризман комплекс юхаметтахIоттийначу совдегаро Успанов Юнис. Къоьзан Iомахь хилла бакъ чIара лохуш иза кхаьчнера Дагестанерчу Мочох эвла (Хунзахан кIошт).

Цигахь цунна карийра меттигера Iомахь, 40 бакъ чIара а лаьцна, уьш цIахь кхион гIоьртина меттигера вахархо. Цу стеган аьтто ца баьллера бакъ чIара шен кертахь кхаба, амма цо тахханалц ларбина и чIара меттигерчу Iомахь. Успановс дийцарехь, хIинца и стаг кийча ву и чIара говзанчашка дIабала. Цул тIаьхьа цуьнан ДНК юстур ю Къоьзам Iомахь болчу бакъ чIеран ДНК-ца.

Коьзан Iомара бакъ чIара кхио Iалашо йолу Успанов дагахь ву шен туризман копмплексхь цу хаттарна хьажийна леррина Iилманан конференци вовшахтоха. Цо дийцарехь, и чIара ЦIен книгина тIе дIаязбина Iад Iарх гIуллакх хир дац. Salmo ezenami бакъ чIара дебийта, тIаьхьа а ца тоьттуш, сихха гIулчаш яха еза, иза ца дахь иза гучура дIабера бу, аьлла хета Успановна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG