ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалахь вайнарг Кадыровн полкехь карийна


Байначу беттан 26-чу дийнахь Соьлжа-гIалахь вайна Хамурзаев Шамхан волу меттиг къаьстина цуьнан гергарчарна. Старопромыслан кIоштарчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь латтош хилла иза. Ватсаппехула яржийнера, шен 36 шо долу кIант лохуш гIо доьхучу ненан аудио, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Тоита ю шен цIе аьллачу вайначун нанас дуьйцу, шен кIант Шамхан, кхаа беран да, байначу бетан 26-чу суьйранна араваьллачул тIаьхьа юха ца веанера. "Хьан вигина, хIунда вигина, стенга вигина хууш дац. Тхоьга цунах жоп луш стаг а вац", - бохуш, дIахьедора нанас.

Шен кIант ламазца, мархица а вара, гIуллакх доцчу гIертар волуш а вацара, хьанал сом доккхуш вара боху Тоитас. Цо доьхура, шен аудио мехкан куьйгалхочуьнга дIакхачор.

"Кавказский узел" агенталлан корреспондент зIене ваьлча, нанас хаамбина, шен кIант волу меттиг билгалъяьлла, иза гар а хилла шайн аьлла. Кадыров Ахьмадан полкан декъехь латтош ву иза. Керлачу шеран мукъаденош чекхдевллачул тIаьхьа цхьацца хеттарш а дина, цунах йист йоккхур ю аьлла шайга боху нанас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG