ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогеро Волгоградехь ахча тасар ца тайна мехкан Iедалхошна


Социалан машанехь «Альфредо Аудиторе» аьллачу никца волчу блогеро, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Волгоградан кIоштарчу векалан гIовсан кIанта Носаев Мухьаммада ахчанаш нахана юкъа кхийсар ца тайна Нохчийчоьнан Iедалхошна. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Кадыровн векало Гочаев Руслана дIахьедина, блогеран лелар новкъадеана Iедалхошна аьлла, яздо МК хьостано.

Карладоккху, оршотан суьйранна Волгоградерчу "Мармеланд" йохка-эцаран центрна гергахь гулбеллачу нахана юкъа 200 эзар сом ахча кхоьсинера блогеро.

Хьалхо дуьйна шен аккаунтан агIонехь цо дIакхайкхийначу акци гулбеллера 300 сов стаг. Гочаевс дIахьедарца, Нохчийчуьра Iедалхой зIене бевлла Носаевца, шегара даьллачунна ма-дарра тIекхиийна кIанта.

Блогеро бахарехь, Волгоградан куьйгаллина хьалхе дуьйна хууш хилла, цо дIаяхьа леринчу акцех. КIентан дас, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгорадан кIоштарчу векалан гIовса Носаев Тамерлана шен кIантера даьлларг хIуммаъ зене дацара, дезачу деношкахь совгIаташ эца таро хилийта, ахчанаш дIасакхийсинера цо аьлла, яздо "Новости" агенталло.

Ишта оршотан дийнахь Москварчу ЦIечу майданахь дIасалелачу нахана ахчанаш дIасадекъна ЛДПР-н лидеро Жириновский Владимира а. Кху беттан 13-чохь дIахьонйолчу кхеташонехь цуьнан лелар дийцаредан лерина бу Жириновскийн белхан накъостий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG