ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2019 шо: Оьрсийчохь ша шена тоьхна 56 полисхо велла


Дахначу 2019-чу шарахь Оьрсийчохь мел лахара а 56 полисхо велла ша шена тIе куьйгаш даьхьна. Цу кепара зераш дина "МБХ медиа" хьостано. Эксперташна, масала, "Омбудсмен полиции" паблик кхоьллинчу Воронцов Владимирна хетарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошлахь суицидийн терахь кхин а лакхара ду, хIунда аьлча, дукхахболчу хьаькамаша Iора ца доху царех лаьцна.

Полисхойн могIаршкахь лаьттинчу Воронцовс бахарехь, ницкъахочо ша шена тохаран бахьанаш нисло дукха хьолахь, церан хьаькамаша уьш йийсарехь латторна. Полисхошкара къайлах дийлина сакхташ дуьхьал а детташ, кхерам кIел латтабо уьш боху эксперто.

Ала догIу, 2018-чу шарахь шайна тIе куьйгаш а кхоьхьуш беллачу полисхойн терахь 50 дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG