ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерке чу ца дуьтуш, дукха латтийра шаьш аьлла гIажароша


Иттанашкахь гIажароша а, ГIажарийчуьра схьабевллачу Iамеркахоша а дахначу мукъаденошкахь Канадера Iамерке юхадогIучу хенахь дозанехь хеттарш деш, дукха латтиийра шаьш аьлла, бинчу хаамашна тIехь бакъонашларъяран организацеша а, юристаша а дийцадаьккхина. Iамеркан а, исламан а юкъаметтигашкахула йолчу Вашингтонерчу коммерцица йоьзна йоцчу Кхеташонан декъо дIахьедина, Канадан а, Вашингтон штатан а дозанехь 60 сов баккхий а, кегий а гIажарой а, ГIажарийчохь дуьненчу бевлла Iамеркахой а латтийра 10 сахьтана аьлла. Цаьрга хеттарш дора, церан политикан хьежамаш зуьйш, цхьана ханна дIаяьхнера цаьргара хIумнаш, паспорташ а, машенийн догIанаш а, смартфонаш а цхьана. Дукхахберш Канадехь хиллачу концертера юхабогIуш хиллера, цхьаберш шайн гергара нах болчу хьошалгIа бахначуьра, вуьйш садаIа я белхан Iалашонца бахана бара.

И дозанехь хилла инцидент бахьана долуш, гIажаройн-Iамеркахойн Къаьмнийн кхеташоно (NIAC) официалехь дIахьедар дина Iамеркан къоман кхерамзаллан министралле.

Инарла Сулеймани Касем президентан Трамп Дональдан тIедилларца Багдадерчу аэропортехь авиатохарш дина вийча, ГIажарийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигаш ийгIинчу юкъанна кхочу цу тайпа хаамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG