ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лешна" ахча декъна Жириновскийс ЦIен майданехь


ЛДПР партин куьйгалхо Жириновский Владимир
ЛДПР партин куьйгалхо Жириновский Владимир


ЛДПР партин куьйгалхочо Жириновский Владимира, ЦIен майданехь Ӏийса пайхамар виначу денна хьажийна хIоттийначу базара а вахана, шен кисанара ахча декъна цига баьхкинчу нахана, ша политико кхеторехь, "совгIаташна а, чебурекашна а". Цунах лаьцна яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

1000 соьман купюраш дIасайоькъуш, Жириновскийс уьш схьаоьцучу нахах лаьцна йина Iовжаме комментареш. Ша аьлча, цо уьш "бобераш" а, "заьIапхой" а, " гӀаплой" а, "леш" а бу баьхна.

Зорбанан гIирсаш хаам бо, ахча дIадекъарна трансляци яра еш ЛДПР хьалханчан инстаграмехула бохуш. Карарчу хенахь видеога хьажа аьтто бу YouTube-хь.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан этикехула йолчу комиссехь хаам бина Жириновскийн лелар шаьш дийцаре дийр ду Дечкен-беттан 13-гIа де чекхдаьллачул тIаьхьа, карарчу хенахь цу комиссин декъашхой балхахь ца хилирна аьлла.

Оршотан дийнахь хаамийн гIирсаша иштта хаам бира Волгоградерчу блогеро Аудиторе Альфредос 200 эзар сом дIасакхоьссина хиларх лаьцна, меттигерчу цхьана махбаран центрна хьалха. Шен акцех лаьцна цо хьалхе хаам бина хиллера, йиллинчу хенахь ахча схьаэца лаам болуш бIеннаш нах а гулбеш.

Меттигерчу vI.ru сайто чIагIдарехь, ахча доькъучохь адам тIеттIагIоьртина хиллера, амма чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Волгоградан кIоштан урхаллан зорбан сервсио дIахьедар дина, и акци дIахьош цхьа а низам ца дохийна аьлла. Болчу хаамца, зе хилла аьлла латкъам бина стаг а вац.

Аудиторе Альфредо ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Волгоградан кIоштарчу векалан гIовсан кIант Носаев Мухьаммад.

Блогеро дийцарехь, Волгоградан куьйгаллина хьалхе дуьйна хууш дара, цо дIаяхьа леринчу акцех лаьцна. КIентан дас, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгорадан кIоштарчу векалан гIовс волчу Носаев Тамерлана шен кIантера даьлларг зене хIума дацара, дезачу деношкахь совгIаташ эца нехан таро хилийта, ахчанаш дIасакхийсинера цо аьлла, яздо РИА "Новости" агенталло.

Волгоградан кIоштарчу Кадыровн векалан гIовсан кIанта ахчанаш нахана юкъа кхийсар ца тайна Нохчийчоьнан Iедалхошна. Къилбан Федералан гонехь Кадыровн векал волчу Гочаев Руслана дIахьедина, блогеран лелар новкъадеана Iедалхошна аьлла, яздо МК хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG