Къилбаседа Кавказехь вацош 24 шо даьккхина Магнитогорскерчу 69 шо долчу Богданов Виктора. Лоллица къийсам латточу "Альтернатива" волонтерийн боламо дийцина цунах лаьцна.
Жигархоша бахарехь, 1996-чу шарахь Кавказе белхаш бан вахана хилла Богданов. Цигахь даьккхинчу 24 шерех 15 Дагестанерчу тайп-тайпанчу ярташкахь ваьхна иза.
Цо ша дийцарехь, кибарчигаш еш а, тIулг боккхуш а, жа дажош а вацийна иза маьхза. ТIаьххьарчу шерашкахь Левашинскан кIоштахь вехаш хилла иза. БIаьрса а дайна цуьнан, могушалла а телхина. Цундела иза вацош хиллачу хьоладас Махачкала дIахьажийна хилла Богданов.
"Махачкалара иза Москва муха кхаьчна цкъачунна хууш дац тхуна. Полисхоша цигахь лаьцна ханна изолятор чолхь дIатарвинера иза. Юха а цигара дIа полицино юханехьа Дагестане дIахьажийра иза. Ткъа Дагестанерчу полисхоша со тIекхайкхира, тIаккха ас сайца схьавалийра иза", - аьлла, дийцина Дагестанерчу "Альтернативан" векало Исмаилов Закира.
Карарчу хенахь Москвахь боламан шелтерехь ву Богданов. Цуьнан паспорт метта а хIоттош, Богдановн гергара нах лоьхуш бу волонтераш.