ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скайповскийc 5 шо набахтехь доккхур ду


Скайповский Шемал

Бельгерчу Антверпен гIалин кхело набахтехь даккха пхи шо тоьхна Дагестанера веанчу 50 шо долчу мухIажирна Маликов Шемална. Социалан машанашкахь Скайповский аьлла, гоьваьлла Маликов бехкевина цхьа могIа зуламаш дарна. Миссионер ву ша а бохуш, джихIаде кхуьйкхура цо, ишта керста нахана а ницкъбе бохуш, яздо HLN хьостано.

Ишта Скайповскийс Iазапехь латтабора шен доьзал а: кхерамаш туьйсура шегахь хиллачу зудчунна а, шарIан кхел йийр ю бохуш, кIенташна а цхьана. Цхьахволу цуьнан кIанта буддизме вирзина. Хан тоьхначун телефон чохь дуккха а суьрташ карийна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн байракхан а, 500 гергга видеороликаш а.

Видеош тIехь Скайповскийс боху, массо а исламан динехь лела веза, ткъа бусулба динна дуьхьал берш жоьжахатахь богур бу, керста нахах а, жуьгтех а, суфиташна а, шииташна а тIаьхьабевллачарех а неIалт гIур ду. Нагахь санна, Гитлера толам баьккхина хиллехь, бусулбачийн кхаж баьлла хир бара а боху Скайповскийс, яздо HLN хьостано.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG