Нохчийчуьрчу Шелара С.-А. Юсуп Оьрсийчоьне дIавала кечлуш ю Украинера прокуратуран офис аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалиига" Юсупан доьзалан векало. Цо дийцарехь, карарчу беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийчохь бехачу кIентан гергарчаьрга оьрсийн къайлахчу сервисан белхахоша хаийтира, тIедогIучу еаридийнахь Юсуп шайн карахь хир ву аьлла.
Оцу юкъанна, "Кавказ.Реалиин" информацица, лаьцначу нохчочуьнга хаийтина дац, цунна экстрадици ян дагахь хиларх. Бакъонашларъярхошна хетарехь, Оьрсийчоьнан ФСБ-но билгалдаьккхинчу дийнахь Юсуп дIалуш велахь, Украинан дуккахдолу низамаш дохор хуьлу.
Дахначу шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь кехаташка хьовсуш лецира Юсуп. Украинехь иза бехкево, бакъо йоцуш герз лелорна. Ишта оцу пачхьалкхехь ваха бакъо а тIехъяьлла хилла цуьнан.
Юсупа дийцарехь, Нохчийчуьрчу полисхойн леринчу декъехь болх бина ву иза, тIаьхьа балхара дIаваьлла Юсуп декхаре хилла кхечу пачхьалкхехь тховкIело лаха.
Даймахкахь бехкево Юсуп гIаттамхошлахь хиллла ву бохуш. Интерполехула лехамашка а веллера иза Оьрсийчоьно. Официалехь тIечIагIъязчу информацица, Нохчийчоьнан Iедалхой бу Юсупна экстрадици яре сатуьйсурш.