ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхойн кема доьхна ГIажарийчохь, белла пассажираш а, йоллу экипаж а


Шинаридийнахь имаман Хомейнин цIарахчу Тегеранан аэропортера гIаьттинчул тIаьхьа доьхна Украинан коммерцин кема, хаамбо гIажаройн хаамийн гIирсаша. Кеманчохь мел хилларш белла. Дийцарехь, кема чудожаран бахьана хила тарло техникаца кхачамбацар нисдаларна.

Пачхьалкхан IRNA агенталло дIахьедо, кеман чохь 167 пассажир а, 9 экипажан декъашхо а вара бохуш. Planespotters сайтан информацица, диъ шо бен ца хилла доьхна кема болхбан доладелла.

ГIажарийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша хьалхо яздора, верриг а кеман чохь хилларг 180 гергга стаг ву аьлла. Дийцарехь, Тегеранера Киеве даха лерина кема гIаьттина меттигерчу хенаца Iуьйранна 5:15 минот яьлча.

Кеманашна тIехь терго латточу Flightradar 24 сайто социалан машанехь яздина: "Украинхойн кема Тегеранан аэропортера арадаьллачул тIаьхьа доьхна бохуш, кхочучу хаамашна тIехь терго латтош ду тхо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG