ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Сулеймани дIавуллучу дийнахь велларг 50 стаг ву


Шинаридийнахь лаьтте кховдо Iалашонца Кермане кхачийнера гIажаройн инарлан Сулеймани Касеман дакъа. Мел лахара а 50 стаг велла инарла лаьтте кховдо гулбеллачарлахь вовшийн хьешна, яздо Reuters агенталло. И сингаттам бахьана долуш масех сахьтана дIатеттинера Сулеймани дIаволлар.

Шинаридийнахь еллачу информацехь велларг 35 стаг ву аьлла дара. Ткъа кхааридийнахь Iорадаьхначу терахьашца 50 ву жIугана юкъахь кхелхинарг.

«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Кассем вийра дахначу пIераскана, БагIдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь. Пентагоно а ца лечкъадо тIеман бараман да ша хилар - президентан Трампан омрица дIабаьхьина иза, аьлла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн векало.

Сулейманица цхьаьна вийна ТехIерано гергарло лелочу Малхбалерчу шиIатойн Халкъан Ницкъийн эскаран (Ал-Хьашд аш-ШаIаби) куьйгалхочун гIовс Абу Маьхьди ал-МухIандис а, кхин а цхьа буьйранча а. Associated Press агенталло дийцарехь, Шемара, я Либанера шен кема охьадоьссинчул тIаьхьа дина Сулейманина тIе ракетийн тохар. Инарла Сулеймани Къасем вер Iамерканна дIадекха дош делла ТехIерано. Ткъа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда ГIажарийчоьнан културан ширачу гIишлошна ракетан тохарш дийр ду аьлла, дIахьедина нагахь санна, вийначу Сулейманех бекхам бан гIортахь.

Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка шинаридийнахь дIахьедира, Сулеймани вер "нийса дара", хIунда аьлча, "дуккхаъ байинчу Iамеркахойх жоьпалла цунна тIехь дара" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG