ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьно шен тIеман базанашна ракеташ тохарна жоп кечдеш ю Америка


Президент Трамп Доналд
Президент Трамп Доналд


Америко куьйгалла дечу коалицин эскархой дIатарбинчу Иракъерчу тIеман шина базина ГIажарийчоьно тохарш динчул тIаьхьа, ша лелор долчун тIехь болх беш ю Цхьаьнатоьхна Штаташ, хаам бо Американ аз зорбан гIирсо.

Президенто Трамп Доналда дIахьедар дина шинарийн дийнахь, "дерриг а дика ду" аьлла. Цо иштта хаам бина хIоьттинчу хьолах лаьцна вистхир ву кхаарийн Iуьйранна аьлла (Америкера хенаца).

«Дерриг а дика ду. ГIажарийчуьра ракеташ хецнера Иракъера шина базина. Карарчу хенахь мах хадош бу дина зе муха ду хьожуш. Дерриг а дIадоьдуш ду лортIехь. Ас дIахьедар дийр ду кхана Iуьйранна", - яздина Трампа Твиттерехь.

ГIажарийчоьно дIахьедар дина шаьш ракеташ хецна хиларх лаьцна, дIадаханчу кIиранах Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIажарийн тIеман командир Сулеймани Касем верна жоп луш.

Американ эскархой дIатарбина Аль-Асад олу хIаваан тIеман ницкъийн база а, Эрбилера тIеман база а ю шинарийн дийнахь ракеташ тоьхарг. CNN телекомпанино бинчу хаамца, аль-Асад база йолчу агIор хецнера лаххара а 10 ракета. Reuters агенталлан хьастано дIахьедар дина цхьа а хаам бац цигахь цхьаъ вийна я йохийна хиларх лаьцна аьлла.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале оццу Reuters агенталло, Al-Mayadeen телеканалана тIе а тевжаш, хаам бира оццу базина юха а ракеташ тоьхна хиларх лаьцна. Цхьаболчу хаамашца, цуьнан территорина тIе охьайоьжна лаххара а 7 ракета.

Цул тIаьхьа Reuters агенталло хаам бира, «Тасним» хаамийн агенталлана тIе а тевжаш, шолгIа а ракеташ етта йолийна хиларх лаьцна Иракъехь йолчу Американ тIеман базанашна.

ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телеканало дийцарехь Исламан революцин гIаролхойн корпусо "иттаннаш ракеташ тоьхна Иракъерчу Американ Айн аль-Асад базина".

Американ тIеман министран юкъараллица зIе латтон гIоьнчо Хоффман Джонатана бинчу хаамца, суьйранна КIайн ЦIийнехь кхеташо дIаяьхьна, дакъалоцуш пачхьалкхан секретарь Помпео Майк а, Пентагонан куьйгалхо Эспер Марк а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG