ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президент Путин Асадца цхьанакхетта Шемахь


Шинаридийнахь Шемарчу Дамаске веанера Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, пачхьалкхан тIеман министр Шойгу Сергей а. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс хаамбарехь, аэропортера оьрсийн эскархоша куп тоьхначу меттиге ваханера иза. Цигахь цхьанакхетар нисделла Путинан пачхьалкхан президентца Асад Башарца.

Президенто баркалла аьлла Оьрсийчоьнна, тIеман конфликт йолаелчхаьана шайна латточу гIоьнна. Хаамашкахь яздарца, Шемарчу Омейядовн маьждигехь а, ишта Дамаскерчу ширчу Дева Мариян килсехь а хилла Путин.

Iамерко дIахьочу операцехь гIажаройн гоьваьлла инарла Сулеймани Касем вийначул тIаьхьа Гергарчу Малхбалехь хьал карзахдаьллачу юкъанна вахана Путин Шема.

Оьрсийчоьно а санна, ГIажарийчоьно а гIо латтош ду Асад Башарна оппозицина дуьхьал латточу къийсамехь. Билггал хууш дац, Сулеймани веле хьалха Шема ваха Iалашо кхобуш хилла Путин я ца хилла.

Дамаскера гIуллакхаш дерзийча, Туркойчу вахана Путин Владимир, цигахь кхааридийнахь "Турецкий поток" газан биргIа схьайоьллучу барамехь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG