ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Некъан низамаш дохочаьргара машенаш схьа а йохуш, маьждигаш цIандайта цаьрга..."


Некъан низамаш дохочаьргара машенаш схьа а йохуш, уьш урамаш цIанда хьийсабе аьлла, омра дина Куьршаларчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама. "Кавказский узел" агенталло хаамбарца, Инстаграме яьккхинчу видеоролик тIехь дина ишта дIахьедар.

Куьршала кIоштарчу полисхойн декъехь дIаяьхьначу кхеташонера видео Инстаграме хIоттийна "ЧП/Чечня" паблико.

"Низамаш дохош верг- сан гергара вац…Ловзарш дIадевлла. Некъан полицин (ГИБДД) Iалашо ю – садаIар а доцуш, дийнахь а, буса болхбар… Къаьркъа мелла стаг а Iадвитахь - вайчух болх хир бац. Автомобилан урхалла ден бакъонаш дIа а йохуш, машенаш схьаяха еза цаьргара гуттаренна. Цул тIаьхьа урамаш, маьждигаш цIандан дIахьажо беза и нах", - аьлла хьаькамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG