ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омскерчу берашна Путинан кемпеташ екъна


"Президент" цIе йолу, Путинан сурт тIехь долу кемпеташ дIасаекъна Омскерчу берийн бешахь Керлачу шарна леринчу барамехь. "ВКонтакте" социалан машанехь "Ревизор Омск" группехь зорбане даьккхина сурт Антон цIе йолчо, церан чам баккха кхоьру ша аьлла, тIе а тухуш.

Чили олу кIон бурч а, къаьркъа а тоьхна кемпетех.

Санкт-Петербургерчу "Джи Си – Золотые конфеты" компанино арахецна "Президент" цIазамаш. Компанин сайтехь яздина, шаьш йохка юкъаяьхначу марзолгаша пачхьалкхан куьйгалхочун амалш гойту аьлла. Масала, "собаре, доьналле, харизме хилар гойту царех тоьхначу занжабила (имбирь).Ткъа кIончу буьрчо озабезаме цахилар, ира хьекъал долуш хилар а гойту" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG