ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахча тесна нохчийн блогер полицига дIахьевина Волгоградехь


КIоштан думан депутато Осипов Александра кхайкхамбина ницкъаллийн структурашка, нохчийн блогеро Носаев Мухьаммада Волгоградехь нахана юкъа ахча тасарна тIе терго яхийта аьлла. Парламентхо тешна ву, цуьнан акци сийсазе яра аьлла. "ГIиллакхе, оьздангалле диллича, цхьабоса мах хадабойла дац цуьнгара даьллачун, хIунда аьлча, Кавказан къаьмнийн ламасташлахь ахча тасар -могIарера хIума хиларна", - аьлла, дIахьедина, блогеран акци емалйинчу Осиповс VI.RU хьостане.

"Социалан машанашкахь шена бонусаш яхар - иза цуьнан бизнес ю. Делахь а, оцу бизнесо тохар дина вайн къоман доьналлина а, Оьрсийчоьнан къоьман дозаллина а. Ас дуьйцурш дуккха а къаьмнаш ду, хIунда аьлча, цу кепара негативе акцеш могуьйтуш яц. Ницкъаллийн структурех доьзна ду- административан я бехкзуламан гIуллакх цунна дуьхьал доккхур ду я дац боху хаттар", - аьлла депутато.

ТIаьххьарчу дийнахь, бусий Носаевн инстаграмехь керла публикаци хилла яц. Сторизехь яздинера цо, шеца цхьа нах зIене а бевллера, шен проблемаш а ю, цхьана ханна къайлавала веза ша аьлла, билгалдоккхуш.

Карладоккху, оршотан суьйранна Волгоградерчу "Мармеланд" йохка-эцаран центрна гергахь гулбеллачу нахана юкъа 200 эзар сом ахча кхоьсинера блогеро. Хьалхо дуьйна шен аккаунтан агIонехь цо дIакхайкхийначу акци гулбеллера 300 сов стаг.

КIентан дас, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгорадан кIоштарчу векалан гIовса Носаев Тамерлана шен кIантера даьлларг хIуммаъ зене дацара, дезачу деношкахь совгIаташ эца таро хилийта, ахчанаш дIасакхийсинера цо аьлла, яздо "Новости" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG