ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп: "Со Американ президент а волуш, ГIажарийчоьне зарратан герз дойтур дац"



Американ президенто Трамп Доналда кхаарин Iуьйранна леррина къамел дина, Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалло дон коалицин эскарш дIатардинчу Иракъерчу тIеман базанашна гIажароша ракеташ еттар бахьана долуш, яздо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

Ша Американ президент а волуш, ГIажарийчоьне зарратан герз дойтур дац шаьш, элира Трампа шен къамел дIадолош.

«Американ халкъ къаьсттина чӀогӀа баркалле а, ирсе а хила деза: дIаяханчу буса гIажарийн режимо тIелатар дича эшам хилла вац цхьа а америкахо. Вайн дараш дац, берриг а вайн эскархой кхерамазаллехь бу, ткъа вайн тIеман базанашна дина зе а ду вуно кIезиг",- билгалдаьккхира цо.

Президенто Трампа бинчу хаамца, цхьа а стаг ца вийна иракъхошна юкъахь а. Цо дийцарехь, иза хилла хьалххе кхерамазаллин гIулчаш яхар бахьана долуш а, ницкъаш цхьанаметтера дIасабаьхна хиларна а. Цул сов тIелатар дар хьалххе хоуьйтучу системо дика болх бина, бохуш вара Американ куьйгалхо.

"Со дозалла деш хилар дӀахоуьйту ас тIеман духар доьхначу Американ божарийн а, зударийн а говзаллах а, майраллах а", - элира Трампа.

"Американ вайн башха эскарш кийча ду муьлххачу а хIуманна. ГIажарийчоь юхайолуш йолчух тера ду, ткъа иза дика ду цу юкъаозийначу массо а агIонна, иза чIогIа дика ду дуьненна", - билгалдаьккхира Американ президенто.

«ГIажарийчоь коьрта спонсор ю терроризман, ткъа иза зарратан герз дан гIертаро кхерам бохьу дерриг а цивилизаци йолчу дуьненна. Вай иза цкъа а дойтур дац", - элира Трампа.

ГIажарийчоьно агресси ярна Цхьаьнатоьхначу Штаташа, хьем а ца беш, гIажарийн режимана дуьхьал юкъайоху кхин а экономикан санкцеш, - дIахьедар дира президенто.

Цул сов, ГIажарийчоьнца зарратан барт бинчу пачхьалкхашка кхайкхам бира Трампа, Вашингтонера масал а эций, цу бертана юкъардовла аьлла.

Цуьнца цхьаьна президенто дIахьедар дира, нагахь ГIажарийчоьно шен лелар хийцахь, гIажарийн халкъан а, пачхьалкхан а дика кхане хир ю аьлла.

"Тхуна луург ду шун кхане хилар, шуна йогIуш йолу инзаре дика кхане хилар – цIахь вуно дика дахар а, дуьненерчу кхечу пачхьалкхашца шу цхьаьнатар а… Цхьаьнатоьхна Штаташ машар бан кийча ю цунна тIегIарташ болчу массарца а", - дIахьедар дира президенто, гIажарийн халкъе кхайкхам беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG