ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8 салти вийначу Шамсутдиновс шена гечдар дехна


Забайкальехь эскархочун гIуллакх деш хиллачу юкъанна 8 салти вийначу Шамсутдинов Рамила кехат яздина ша латточу талламан изоляторчуьра. «Спасти рядового Рамиля Шамсутдинова» аьллачу тобано "ВКонтактехь" зорбане даьккхина цуьнан кехатан сурт.

72.Ru хьостанца хиллачу къамелехь кIентан дас тIечIагIдина, и кехат билггал шен воIа яздина хилар.

Шегахьа мел хиллачунна баркалла боху Рамиля, къаьсттина шен дена. Ша дохковаьлла боху цо "собар ца тоьана, ца ваьлларг далийтарна". Рамила бахарехь, кхин дан хIума дацара цуьнан, хIунда аьлча, ницкъ бацара бала хьега.

Ишта байинчийн гергарчаьрга яздо цо: "Шуна бохам хиларна халахета суна, шайн ницкъ кхачахь, гечделаш суна". Эскархочун гIуллакх дан лууш вара ша боху Рамиля, хIинца бен кхеташ вац, ша нахана беанчу сингаттамах а, шен дахар кагдарх а.

Маршо Радионо яздира, ГIадужу- беттан 25-чохь Забайкальерчу тIеман декъехь 20 шо долчу салтичо Шамсутдинов Рамила 8 стаг верах, шинна чевнаш йина хиларх. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина, лаьцна латтош ву Шамсутдинов Рамиль.

Цо дийцарехь, байинчарна юкъахь волчу цхьана лейтенанто даима а хьийзош хилла эскархой – наб ца йойтуш, саццаза устав доьшуьйтуш, шегара даьллачун дарлой иза салташна тIехь дIадоькъуш. Ишта Рамиля дIахьедо, шена тIехь а ницкъбора цара, юкъаметтигаш ийгIина яра шайн, ша хьийзор ву аьлла, кхерамаш тийсинера шена аьлла.

Mash Телеграм-канало яздора, цкъачунна бинчу талламо тIечIагIдина адамаш дайинчу тIеман декъехь эскархошна юкъахь уставца догIуш доцу хIуманаш лелош хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG