ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохч-ГIалгIайн мохк юхаметтахIоттийна 63 шо кхечи


1944-чу шарахь Сталинан омрица ах миллион сов нохчий а, гIалгIай а махках баьхначул тIаьхьа йохийна Нохч-ГIалгIайн (ЧИАССР) республика юхаметтахIоттийна 63 шо кхечи тахана, Дечкен-беттан 9-чу дийнахь. ХIетахь дерриг а Советан Пачхьалкхан картанаш тIера дIаяьккхира Нохч-ГIалгIайн автономин республика. Цуьнан метта гучуелира Грозненская область аьлла кIошт.

1957-гIа шо тIекхаччалц «нохчо», «гIалгIа» боху дешнаш лелочуьра а сацийра документаш тIехь а, зорбанехь а, литературехь а. Ткъа 1957-чу шарахь Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийра шен указца Советийн Союзан Лаккхарчу Кхеташонан Президиумо.

1991-чу шарахь Советан пачхьалкх йоьхначулла тIаьхьа Оьрсийчохь тIеийцира репрессеш лайначу къаьмнашна реабилитаци ярх лаьцна низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG