Нохчийчуьрчу Шуьйтан, Шелан, Ноьвран кIошташкарчу полигонашкахь 1500 сов эскархоша герз кхосаран Iамораш долийна. Республикехь куп тоьхначу 42-чу гвардин дивизино дIадолина "Альпийский", "Гвардеец", "Калиновская" цIераш лелочу полигонашкахь шайн Iамораш аьлла, хаамбина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденте тIеман комендатуран белхахочо.
Верриг а полигонашка озийна 1500 сов тIемало а, 200 тIеман техника а, яздо "Это Кавказ" гIирсо, Къилберчу тIеман гонийн пресс-гIуллакхойн хьосташна тIе а тевжаш.