ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанхочо Нурмагомедовца ша латийтар дехна


Чемпион Нурмагомедов Хьабиб
Чемпион Нурмагомедов Хьабиб

Узбекистанерчу Бухаран кIоштарчу вахархочо республикан президентан Мирзиеев Шавкатан порталехь дехар дина, Дагестанерчу UFC-н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца ша тасавилийтахьара аьлла. Цу кепарчу лаамца цхьанхьа а ваьлла вацара ша, амма президенте дехар дара шен, дагестанхочуьнца тасавалар вовшахтохахьара аьлла, яздо цуьнан дешнашца sports.ru хьостано.

Ша а, Хьабиб а лата волавалале хьалха лоьрашкахула шаьшиъ чекхвалийтар тIедожийна 40 шо долчу узбекистанхочо.

Билгалдаккха догIу, Нурмагомедов Узбекистанехь а гоьваьлла хилар. Дахначу шарахь масийтазза веара иза Узбекистане президентан невцо хьошалгIа кхайкхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG