ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташа а, политикаша а оьгIазвахийтина Альфредо Аудиторе


Социалан машанашкахь "Альфредо Аудиторе" аьллачу никца гоьваьллачу нохчийн блогеро Носаев Мухьаммада шен агIоне язбеллачу нахе видеокхайкхам бина. Шен фанаташна баркалла а олуш, Волгоградехь ша ахча тасарх хаамийн гIирсаша а, политикаша а йинчу реакцино эргIадвахийтина иза.

"Сан да хьаькам ву боху хаамашкахь. И ма вац ванне а хьаькам. Къоман бух тIехь цхьа конфликт эккхийта Iалашонца яздеш ма ду и дерриг а. Ас цхьана хIуманна дина и бохуш а, политикан маьIне дерзо гIерта хилларг. Суна ма ца евза и терминаш а. Соьгара интервью а оьцуш, ас ца аьлларг Iорадоккхучу кеп-кепарчу телеканалех а цецвуьйлу со. Ахчанах шун безам оьцур бу ас аьлла боху. И ма дац ас аьлла а", - дIахьедо Носаевс шен инстаграмехь.

Волгоградан кIоштан думан депутато Осипов Александра аьллачо а оьгIазвахийтина Носаев (цуьнан цIе цо ца яьккхинехь а, кхеташ ду цо вуьйцург иза вуйла).

"Пачхьалкх аьшнашъеш, цуьнан сий дойуш" блогеро дIаяьхьна акци ю иза аьлла, билгалдаьккхинера Осиповс. "Шайн арз прокуратуре чукхачор ду парламентхоша, соьца къастаде гIуллакх аьлла. Со кхеташ вац", - цецвуьйлу Носаев.

Карладоккху, оршотан суьйранна Волгоградерчу "Мармеланд" йохкаран центрна гергахь гулбеллачу нахана юкъа 200 эзар сом ахча кхоьсинера блогеро.

Цо бахарехь, Волгоградан куьйгаллина хьалхе дуьйна хууш хилла, блогеро дIаяхьа леринчу акцех.

КIентан дас, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгорадан кIоштарчу векалан гIовса Носаев Тамерлана шен кIантера даьлларг хIуммаъ зене дацара, дезачу деношкахь совгIаташ эца таро хилийта, ахчанаш дIасакхийсинера цо бахархошна аьлла, яздо "Новости" агенталло.

КIоштан думан депутато Осипов Александра кхайкхамбира ницкъаллийн структурашка, нохчийн блогеро Носаев Мухьаммада Волгоградехь нахана юкъа ахча тасарна тIе терго яхийта аьлла. Парламентхо тешна ву, цуьнан акци сийсазе яра аьлла. "ГIиллакхе, оьздангалле диллича, цхьабоса мах хадабойла дац цуьнгара даьллачун, хIунда аьлча, Кавказан къаьмнийн ламасташлахь ахча тасар -могIарера хIума хиларна", - аьлла, дIахьедина, блогеран акци емалйинчу Осиповс VI.RU хьостане.

Волгорадехь кхиъна, Москвахь болх беш, веха блогер Носаев Мухьаммад. Инстаграмерчу alfredo_auditore аьллачу цуьнан агIоне язвелла ву 3,9 миллион стаг.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG